"В наших сердцах ты жив!"

19.08.2018

В детском саду "Улыбка" были проведены беседы,посвященное 67-й годовщине со Дня рождения первого Президента Чеченской Республики,Героя России А.А.Кадырова.

Халкъан турпалхо

Ахьмадан сирла некъ буьйцуш,Вайн махкахь декаш ду иллеш.Дегнаш чу уьш зевне IенаДаймехкан аренехь, ломахь.

Дуьненахь долчу къаьмнашлахьЦо айи нохчийн сийлалла.Богучу хьомечу махкахьМашар дIахIоттийра ондда.

Де-дийне барт тешам чIагIбеш,Нохчийчохь тIом сацо лиъна,Нана-мохк мостагIех цIанбанЦо чIагIо йира халкъана.

Нохчийн цIийх ца IебачарнаКъонахчун майра дош олуш,Шен некъах и цавохарна,Кечйира цунна ямартло.

Хийла а хир вара резаШен дахар Iожаллах хийца,Даймехкан орцанча АхьмадХалкъаца вехаш хилийта.

Оьзда да кхелхина тезетБодане деара махка.Цо дитна машаран весетТIаьхьено латтор ду даг чохь.

Замано, ша шарах дуцуш,Ерзайо вайн дегнийн чевнаш.Вайн баьччин седа бу лепаш,Дахаран нийса некъ гойтуш.

Нохчий, шайн лаьттан дай хилла,Ирсечу Нохчийчохь беха.МостагIчун ницкъ хир бац цкъа аХьан некъах бертахь халкъ дохо!!!

Берсанукаева ЖовхIар.